Нохчийчоьнна дронаш тIелатар, Кадыров Европехь тIом баккха тIетар, Сталинан иэс дагахь латто ГIалгIайчохь резахилар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радионо хIора к1иранах арахоьцучу подкастан 125-чу декъехь.
Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчохь дронаша дина тохарш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #125
Дронаша дина тохарш
Украинера йаьхкинчу дронаша йуха а тохарш дина Нохчийчохь, тIаьххьара тIелатар хиллера шо хьалха. Меттигерчу бахархоша бинчу хаамашца, гIишлош йохийна, амма Iедалхоша олуш дош дац тIелатар дарх а, хиллачух а лаьцна.
ТIаьххьарчу деношкахь жигараллица мел лаххара а шозза тIелатар дира Нохчийчоьнна. Лахьан-беттан 27-чохь меттигерчу бахархоша хаамбира Соьлжа-ГIаларчу Олимпийский олучу тIеман микрорайоне дронаш йахкарх, цигахь куп тоьхна йу «Север» олу полк.
2022-чу шарахь и дакъа террорхойн йукъараллийн тептаре йаздар тIедожийра Европарламенто. Украинхойн Iедалхоша и полк бехкейира Буча, Ирпень, Гостомель гIаланашкахь маьрша нах байъарна.
Оццу дийнахь тхан редакцига кхин а цхьана хьасто видео йаийтира, цо бахарехь, цу тIехь гуш йолу дрон Борзе эвлахь дIатардинчу тIеман декъан цхьахйолчу гIишлонах кхетта хилла. Борзе эвла Соьлжа-ГIалина 70 чакхарма генахь йу.
Хезаш йолчу гIовгIанашка ладоьгIча, хаало автомат йетташ и дрон йохо хьийзаш хилар, амма цунах аьтто ца белира церан.
Хетарехь, дуьйцург, гвардин ламанан къастийна йолу 8-гIа бригада лаьттачу меттигера тIеман дакъа ду. Хьалхо украинхойн талламчаша тIечIагIдира, и дакъа 2014-чу шарахь дуьйна Донбассехь хиллачу тӀамехь дакъалоцуш хилла хилар.
ГIуран-беттан 2-чу дийнахь республикина динчу тӀелатарх лаьцна шуьйра дийца даьккхира: интернетехь гучуйевллачу видеоша а, меттигерчу бахархоша а, жигархоша а, зорбанан гӀирсаша а бинчу хаамашца тIечIагIдан аьтто хилира, мел лаххара а шина йуьртахь гIишлош йохийна хилар.
Гуьмсехь дронаша тохар дина хилла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хьукматна. NIYSO боламо дийцарехь, ши шо а ду и гIишло йеса лаьтта, йа цхьа кхечу Iалашонашна цунах пайдаоьцу.
ТIехьа-МартантIера къайлахчу сервисийн гIишло дикка йохийнера: ASTRA телеграм-канало йаздарца, цигахь шиъ белхахо лазийна. Меттигерчу хьасташна тIетевжина NIYSO боламо бечу хаамца, чевнаш йина нах хила тарло, гIишло чохь бехаш бара, бохура цара, къайлахчу сервисийн белхахой шайн доьзалашца. Делахь а, церан хаам бакъ буй хьажа, аьтто бац.
Ӏедало а, ницкъахоша а оцу тӀелатарех лаьцна цхьана а кепара официалехь тӀечӀагӀдина цахилар дузу NIYSO боламо кадыровхойн репутацина эшам бина хиларца.
Дестабилизаци йина аьлла къадор, йа ницкъаллин структурийн эгIазалла гайтар дихкина ду боху цара, хIунда аьлча, цо талхадо уггар а «маьрша», «паргIат» Орсийчоьнан регионан – "Диснейлендан" васт.
ТIеман аналитикна Шарп Давидана хетарехь, оцу кепара тIелетарш дар –"Украино йоккху говза гIулч йу", рогIера машаран дийцарш дарх лаьцна дуьйцучу йукъанна пачхьалкхо йаьккхина.
"Шерашкахь цара и болх ца бора, политикан а, стратегин а хьелаш бахьана долуш. Хетарехь, тапъаьлла барт бина хила тарло цара: аша хIокху Ӏалашонашна ца туху, оха тухур йац оцу Iалашонашна аьлла. Амма, схьагарехь, шайн таронаш йуй дIахаийта гIоьртинчух тера ду Украина».
Путинан кхерамашна тIетайна Кадыров
Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Европаца "хIинццехь" тӀом боло кийча хиларх кхерамаш тийсарна тIетайна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо дӀахьедина, Соьлжа-ГIалахь долу шаьш "омра даре хьоьжуш" ду аьлла. Ша Кадыров цхьа наггахь бен гучу волуш вац нахана хьалха кху тӀаьхьарчу беттанашкахь, хаамийн гӀирсаша дийцарехь, могашалла бахьана долуш.
ГIуран-беттан 2-чу дийнахь, Украинера тӀом сацорах лаьцна дийцарш дан кечлучу йукъанна, Путина дӀахьедира, Оьрсийчоь Европерчу пачхьалкхашца тӀом бан дагахь йац, амма нагахь санна, Европано тӀом болабахь, Оьрсийчоь кийча йу цунна "хӀинццехь" аьлла.
ГIуран-беттан 3-чу суьйранна Кадыровн телеграм-каналехь видео зорбане хIоттийра президентан аьллачу оцу дешнашца. Ткъа шеггара йаздинера Кадыровс: "Кхин дIа уьш ловзор бац, Владимир Владимирович, хьан омране хьоьжу тхо! Дукха маса доьрзур ду дерриг а, амма доьрзур дац Оьрсийчоьнца тIом болийначаьргахь толам а буьсуш. Сан цхьа хаттар ду, Владимир Владимирович: и дерриг а дIадоладелча, уьш шайн лаамехь бехказабийла гIертахь, ахьа тхуна дегабаам бийра-м бац?"
Кадыровн и текст зорбане йаьккхина махкарчу пачхьалкхан хаамийн гӀирсаша — "Грозный-Информ", "Чечня Сегодня" агенталлаша а, "Грозный" пачхьалкхан телерадиокомпанино а. Оцу хаамна репост йина «Ахмат» спецназан командиро Алаудинов Аптис, Нохчийчоьнан цIарах Думехь депутат волчу Делимханов Адама, премьер-минитсро Даудов Мохьмада.
Кадыровс хьалхо а масийттазза дӀахьедар дира ша Малхбузенца тIом бан кийча ву аьлла. Масала, 2023-чу шарахь цо элира: «Нагахь санна Лакхарчу коьртачу буьйранчас омра дахь, тхо кийча ду Америке кхача а». Украинана тӀелатар дале хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо дӀахьедира, "нагахь санна, шена тIедиллинехьара", ша тоххара Украина Орсийчоьнах схьатоьхна хир йара аьлла.
ГIадужу-баттахь Кадыровс комментари йира Оьрсийчоьнан а, Американ а президенташа Аляскехь дӀадаьхьначу Украинерчу тӀамах лаьцна динчу дийцаршна. Пачхьалкхан Новости агенталлана интервью луш, нохчийн куьйгалхочо дӀахьедира, ша "таханлерчу хьолехь тӀемаш сацоран агӀонча вац", хIинца тIом сацор "пайден дац" аьлла.
"Украинех Оьрсийчоьнан регион хилахь, йа Оьрсийчоьнан гонашна йукъа тохахь- тIаккха бен машар бойла дац", - элира республикан куьйгалхочо. Киево бехкево нохчийн куьйгалхо Украинана дуьхьал тӀеман зуламаш дарна.
ТӀаьххьарчу беттанашкахь Кадыров гуш вац официалан барамашкахь. Хаамийн гӀирсаша иза дузу цуьнан могушалла эшна йогIуш хиларца.
Лахьан-бутт бовш Нохчийчоьнан парламент кхоьллина 20 шо кхачар билгалдоккхуш дӀайаьхьначу кхеташонехь а вацара Кадыров. Цуьнан цӀарах депутаташ декъалбеш вистхилира премьер-министр Даудов Мохьмад.
Ставрополхочунна кхел йина Басаевца хилла аьлла
1999-чу шарахь Дагестанна тӀелеттачу Ичкерин буьйранчаша Басаев Шемала а, Хаттаба а куьйгалла дечу герзашца хиллачу тобанан декъашхо хилла бохучу кхин цхьана стагана а хан тоьхна Ростов-гӀаларчу Къилба кӀоштан тӀеман кхело. ХIинца кхел кхайкхийна Ставропол-махкара вахархочунна Елакаев Албертана. Шогачу хьелашкарчу набахтехь даккха 9 шо тоьхна цунна, талорхойн тобанехь дакъалацарна а, герзаца гӀаттам барна а, тӀеман эскархой хIаллакбан Iалашонца, царна кIело йарна а. Иза билггал бехкехиларх цхьана а кепара тоьшаллаш дина дац.
Керла сацам бовзийтина Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Цара чӀагӀдо, 1999-чу шеран аьхка Елакаев шен лаамехь Басаевн а, Хаттабан а тобанах дӀакхетта, «къаьсттина даккхий зуламаш деш жигара дакъа а лаьцна цо» аьлла, амма муьлха зуламаш дина- билгал ца даьккхина урхаллехь.
Карладоккху, Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанаша тIемаш бира Дагестанехь 1999-чу шеран марсхьокху-беттан йуьххьера гезгмашин-бутт йуккъе баллалц. И хиламаш, Оьрсийчоьнан Iедалхоша "контртерроран операци" олуш хилла, Нохчийчохь шолгIа тIом болоран бахьанех цхьаъ хилира.
Ала догIу, 1990-2000-шерашкахь федералан эскархошна дуьхьало йарна жоьпалле ийзабо, ур-атталла амнисти йелла болу нах а цхьаьна. Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайна тIехь Iазапаш а лелош, доцу бехкаш тIелоьцуьйту шайга олий.
Патяева Ленинан тийсина кхерамаш
Лачкъийна хиллачу нохчийн йоьIан Сулейманова Седин кхолламах хилларг хIокху шина шарахь хаа гӀертачу цуьнан доттагӀчунна Патяева Ленина кхерамаш тийсина экстремизм лелорна бехкзуламан гӀуллакх дуьхьал доккхур ду аьлла. Низамхошна экстремизман тоьшаллаш карийна боху, Седа нуьцкъала Нохчийчу дӀайигинчу полицин декъана хьалха пикетехь латтийначу Патяеван плакат тӀехь.
Лена Патяева
"Аша иза йейта дIайелла хилла. И шуна тIехь ду"- тIейаздина кехат карахь Санкт-Петербургера номер 54 йолчу полицин декъа хьалха дIахIоьттинера Патяева. Ши шо хьалха оцу полицира Сулейманова Седа цуьнан гергарчу нахе дIайелира, бакъонашларйархоша дийцарехь, иза йийна. И пикет бахьана долуш Патяева шина дийнахь-бусий полицин декъехь латтийра, цул тIаьхьа итт дей-буьйсий даккхийта изоляторе дIайигира, цигахь йу йоI хIинца а.
Цуьнан ка йелира "Стенгахь йу Седа" аьллачу шен телеграм-каналехь боцца хаам зорбане баккха. ТIаккха хиъна ду, цуьнан плакат тIехь "экстремизман билгалонаш хила тарло" аьлла, полисхоша дIахьедина хилар. Патяевас дохку бехкаш "бух боцуш лору".
"Нахана цара йинарг харцо йуйла дIахаийтарехь экстремизме хIуммаъ а дац. "Къепе латто" болх аша хаьржинехь, шу декхаре ду зуламаш ца хилийта, мелхо а зуламаш леладайта аьтто баккха ца беза. Аша муьлхха бахьана а хьовзийна, Седа кхин а масех сахьтехь лаьцна йитина хиллехьара, цуьнан доттагIчуьнга телефон а дIайелла хиллехь, кIентан аьтто хир бара адвокате телефон тоха, тIаккха иза дийна йисина хир йара", - дIахьедина Патяевас.
Иштта цо аьлла, ша шен позици хуьйцур йац, кхидӀа а Седа тIепаза къайлайаккхарх долу гIуллакх таллийта, цунна гунахь болу нах жоьпалле озийта гIертар йу ша.
Карладоккху, 2022-чу шарахь цIера йеддера Сулейманова Седа, ца везачуьнга маре йахийта шен нах хьийзарна а, даим а доьзалехь девнаш латтарна а.
Санкт-Петербургехь йехаш а, болх беш а йара иза, маре йаха кечамаш а беш. 2023-чу шеран аьхка Нохчийчоьнан ницкъаллин структурийн гӀоьнца дехоша цIа йигира иза, цо динчу къоланца доьзна гIаттийна бехктакхаман гӀуллакх толлуш ду шаьш аьлла.
Ши шо сов хан йу Сулейманова Седех лаьцна цхьа а хаам боцу. ТӀечӀагӀбина боцучу хаамашца, иза цуьнан гергарчара "сий лардеш" йийна хила тарло. Цунах лаьцна дуьххьара дIахьедира бакъонашларъярхоша 2024-чу шеран чиллан-баттахь.
Сталин дагахьлаттор доьхку проект ГӀалгӀайчохь къайлаха йухкхайкхийна
ГӀалгӀайн парламенто къайлаха йухакхайкхийна Сталин Иосифан иэс лардар республикехь доьхкуш йолу, 2017-чу шарахь дуьйна тӀеэцна хилла низаман проект. Сталинан омрица бӀеннаш эзарнаш нохчий а, гӀалгӀай а Юккъерчу Азе дӀакхалхийра, царех иттаннаш эзарнаш нах белла.
Меттигерчу историко Костоев ИбрахIима дийцина социалан машанашкахь, шо долалуш парламентан сайт тIехь и документ лаха хьаьжира ша, амма ца карийра. ТIаккха официалехь кехат дахьийтинера цо депутаташка. Деанчу жоьпа тIехь билгалдаьккхина ду, низаман проект йийцаре йечуьра махкарчу прокуратурин тIедожорца дIайаьккхина, ткъа цаьрга дехар дина хиллера Пачхьалкхан Думин депутато Рашкин Валерийс.
2017-чу шарахь цо латкъам бинера, Сталинан иэс дагахьлаттор доьхкуш тӀеэцначу низаман проекто «низамна хьалха массо а цхьатерра хиларан принцип йохош йу, бахархойн дешан а, дог-ойланан а маьрша бакъонаш хьоьшу» аьлла.
Оьрсийчоьнан Федерацин коммунистийн партин декъашхо, тахана а Пачхьалкхан Думан депутат волу Кашин Владимир а вистхилира цу низаман проектана дуьхьал. Цунна хетарехь, махкахбахар Къилбаседа Кавказан къаьмнашна "пайдехьа" хиллера, хӀунда аьлча Советан Ӏедална "лаьмнашкара бахархой фашистех ларбан лиъна" хиллера.
Низаман проект йуха кечйийр йуй а, йа иза гуттаренна а йухайаьккхина йу, хуш дац. Шо долалуш хиллачух лаьцна хIинццалц гIара ца доккхуш Костоев стенна Iийна а, дуьйцуш дац.